Мехкан боцу бIо чугIерта орцах...

Адам Ахматукаев
Мехкан боцу бIо чугIерта орцах,
ГIан-набарийн кхелашна тIелеташ.
Мехкан цIарах дохуш сийлахь орца,
Иллийн цIарах лекхалуш ю петар.

Цо латийна ало хьийзаш чета,
Аравуьйлу яхь лазийна къонах.
Са цIанделла волу и ца кхета
Петарчуьрчу божин  кийтарлонах .

Лекхна ели юха а кассета.
Кхин а йоьху и магнитофоно...
БIо-м схьакхечи нохчийн хIора кетIа.
Эшарш лоькхуш ю магнитофон а.