Ирсе б1аьрхиш

Асет Халикова
Ирсечу б1аьрхишца елха а йина,
Сайн нана къинт1ера яьккхи ас тахна…
Уггар а дезачех парз кхочушдина,
Сайн ненан куьйгех, сайн дог дох а дина,
Сецна со, ойланийн беша а яхна,
Синхаам абаде суй лаца бахна…
Дуьнено мерзачех соьга кхаъ баьккхи,
Хьайн г1ийла нана ахь къинт1ера йоккхуш,
Ирсечу б1аьрхишца ирсан кхаж боккхуш,
Дуьне а къинт1ера ахь хьайна даьккхи…
Ноябрь,2009