***

Асет Халикова
Нана, хьан юьхь тIе дийшина шераш,
Хьан мерза къоналла шайна чохь яйна.
Дуьнено дIадийхи шеца хьан бераш,
Ткъа ахьа-м дика-вуон, ца юхуш, лайна.

Ахь бIаьрхиш Iенийна, тхуна ирс доьхуш,
Хьан шераш дIаихна, тхо Деле доьхуш.
Сан нана, хьол деза хIуммаъ дац суна,
Сайн ирс ас дIалур ду, декъалъеш, хьуна.

Дуьненчохь мел еха, такхалур доцуш,
Со а ю декхарлахь хьуна, сан нана.
Лаьттахь шел ирсениг ваьхна а воцуш,
ДIагIур ву къинтIера яьккхинарг нана…