Б1аьстенан маршалла

Марти Тамия
Февралехь кхетта малх –
Б1аьстенан маршалла.
Чилланах йисна ах,
Б1ешарал яхъелла.
Шелйелла ойланаш
Йовхоно йостур ю,
Валанза висна верг
Ша б1аьра хьожур ву,
Б1аьстенан сийначу,
Екхначу стиглана,
Зезагийн ховхачу,
Эсалчу къежарна.
Д1аихна г1арг1улеш
Иллешца йоьрзур ю,
Шайн к1айчу т1емаш т1ехь
Ирс ц1ехьа дерзор ду.