Хетарехь декъала хилла

Марти Тамия
Хетарехь декъала хилла,
Ша-шеха кхоьллина туйра.
Гуьйренан ирсана деши,
Моханан карахь д1атийна.

Марг1алех назбараш дина,
Суьйрено г1айг1а йижийна.
Iуьйрено саьхьара хилла,
Iиндаг1ийн г1енаш тидина.