Iапказ

Марти Тамия
Хьо къоьллинчу сийлаллин лен йоцу шорталлех,
Цхьаъ ю хьан йист йоцу сийналлин аналла.
Дарц-мехаш дарйина, буьрсачу мог1ано
Хьан тулгIи гIаттайо къематан амалах.

Iаьржачу боданах хьовзайой йожайо,
Ламанан тарханах зийначу замано.
Эзарнах екъалой и Iана йоьду
Цул тIаьхьа екхалой, синтеме йоьду.

Хьерча и бердах эсала йоьлуш,
Х1оранна гIум-цинцах берташ а дохуш.