Зама

Марти Тамия
Суьйренан 1индаг1о хьаьшна серлонан цинцаш
Д1адаха маьлхан де, кхолалуш д1о анайист.
Ширачу замано м1аьргонаш кочарах юцуш,
Д1акхоьхьу аналле кхин цкъа а юха ца гуш.

Даточу аганахь, аьхкено техкайо буьйса,
Д1атийна седарчий, ца доккхуш кхин доккха са.
Тховса а батто дуьйцу шен тамаше туьйра,
И иштта ца хилча хир дара г1енаш беса.

Дахаран тептар т1ехь кхолламо яздина йоза
Замано доьшур ду, б1ешерийн луьстуш мог1а.
Берзина когашца 1уьйренан бецан тхи мийла,
Дуьненах цецйийла ца к1адлуш оьхур ю д1а.