Жима олхазар

Марти Тамия
-Ма ч1ог1а доьлха хьо,
Х1ай жима олхазар.
Со санна г1аьттина,
Iуьйренан 1амална.
Ца хеда зевне аз,
До1а сов дуьйлу,
Кховдийна куьйгаш т1eхь
Шовданаш дуьйлу.
Сийлахьчу ден бешахь,
Кхиийна дацара хьо?
Хьай ненан иллино,
Хьистина дацара хьо?
Вежарийн тароно,
Качдина дацара хьо?
Кху нехан шахьарахь,
Х1ун лоьхуш лела хьо?
Да-нана делла шен,
Т1е кхачар доцуш?
Йиш-ваший дийна шен,
Коша барз боцуш?
– Хьомсарчу ден бешах
К1охцалгаш хилла,
Кху нехан шахьарахь
Лела сих тилла.

Иштачу хабарца
Т1екаре г1аьттира,
– Ткъа хьуна х1ун хилла? –
Цуо соьга хаьттира.