Бойн гуьйре

Марти Тамия
Хьайн къорза кортали бендоцуш белшаш т1е тесна,
Когаш к1ел биллина дешица кхелина некъ,
К1ажарийн панбархат махаца ловза д1ахецна,
Йог1у хьо йиллина шерашна г1еметтан не1.

Х1инца а ца х1утту и дарцаш хьоь дагар дийца,
Маьлхан товхано ца къарлуш хьо къовсур ю.
Х1инца а зезагийн юьхь-сибат ца далуш хийца,
Къизачу замано хьан куьцан го туьссур бу.