шелйелла б1аьсте

Марти Тамия
Iаьно чехош, эмгар хилла,
ТIе ца юьтуш, шелйелла.
БIаьсте пана яьлла лела,
Йоьхна,  некъах тилйелла.

Мохо къиза месаш ийзош,
ДогIнех буьзина бIаьргаш,
Дохкан кортали тIеийзош,
Хьо ма латта егаеш.

Йола тховса сан хIусаме,
ГIенийн назбарш йижийна,
ГIуp ю кхана хьеста дуьне
Дашочу  малхо гIаттийна.