Хьан хьажар

Марти Тамия
Цкъа а йочанаш йоцучу махкара,
Деанчу дог1ана жовх1аран серло,
Сан дагах юцуш хьоьжу хьо леррина
Со йоьлуш, йоьлхуш цундела-
Цхьана м1аьргонна д1аматасалахь.
Со сайца йитина кегийна г1енашца,
Ц1ехьана йовзанза хаьддачу къайленца
Б1арзйелла буьйса корах чу хьоьжуш.