Сирла г1айг1а

Марти Тамия
Сел хаза еана б1аьсте,
Ма сихло дожадан жаз.
Къобулде г1ург1езийн илли,
Ца хадош т1аьххьара аз.

Дисинчу ирсана бехчалгаш,
Шийлачу идош мохо,
Ма яйъа туьйсуш лайн чимаш
Йисина дегайовхо.

Карара йолий д1аьйоьду,
Абаде сирла г1айг1а.
Баьгначу седанах кхуьур ю,
Йожа и лаьттан мара.