Ц1а боьду некъ

Марти Тамия
Г1улч дуьхьал яьккхича,
Кхи шинна нацкъара юьгу,
Даймахке боьду некъ
Дахаро генна д1атуьттуш.
Б1аьстено вайн ц1ахь ма
Патарш хецна ма боху,
Гур дуй-те кхи цкъа а
Вайн бешо зазанаш дохуш.

Мел х1утту синхаам
Цхьалхачу 1алаше кхийда,
Мел хуьлу синлаам
Хьарчийна седанах сирла.
Дуьненан йозалло
Къевлина шен мохь ца босту,
Т1е эхарх мел улле
Дахаран некъ хьийзош б1оста.

Сел экаме хилла,
Г1ораза и дегайовхо,
Даймехкан б1арлаг1ах
Сийналин паналехь йов-кха.
Дохк хуьлий генна
Д1айоьду д1о анайисте,
Хьежарах сибат бен
Амат ца лацалуш б1аьрге.

дорога домой

шаг навстречу на два отдаляюсь
от дороги ведущей домой
и о том никогда не узнаю
зацвела ли та вишня весной

все дороги в едином стремленье
а в конце призрак светлой звезды
не пускает земли притяженье
не могу даже рядом пройти

так хрупка беззащитна надежда
и отечества призрачен свет
за туманом дороги не видно
вижу только родной силуэт