Серлой бодий

Марти Тамия
Iаьржачу 1индаг1ах къаьхкина,
Дегадо къуьданан тай.
Саьхьарчу бодано б1арзйина,
Экаме серло д1аяй.
Харц долчу дуьненан амал:
Боданаш майра чуг1ерта.
Шен дахар доллушехь хьанал,
Серлонна ша шех эхь хета.