Юха а д1айоьду

Марти Тамия
Юха а д1айоьду, сайн г1енийн б1арлаг1аш талла,
Дог1анийн иллица 1ийдало, сингаттам хедош,
Дуьненан шорталлийн терзана, марара яьлла,
Шийлачу кханара, тахана б1аьстено йоьхуш.

Когаш к1ел йийшинче акказийн зазанах мархаш,
Екхначу 1арчаша яржийча сийналлин раг1.
Мацаха гиначе, безначийн нур догу яххьаш,
Бакъдолчу ирсана, хадийна бакъболу мах.