Кхолламе

Марти Тамия
Цкъа а ца дехнарг, суна ма лолахь.
Цкъа а ца лехнарг, дуьхьала дохуш.
Даимна хилларг, хила ницкъ лолахь
Чолхечу заманах 1еха ца луш.

Бендоцуш хьежа, б1аьрса ма лолахь,
Доьхначу даге йиша елхош
Вешица йолу уьйраш а кхолахь,
Барт бохош ала ма лолахь дош.

Кхераме буьйсанаш маьрша т1ех яхалахь,
Х1усамна ца етташ ямарта ног.
Мел ч1ог1а кхерахь а суна ма лолахь,
Мостаг1чун къежжал яхь йоцу дог.