Цхьаллина эшамо къайн куьйгаш шелдина

Марти Тамия
Цхьаллина эшамо к1айн куьйгаш шелдина,
Дегбаъмех лаьтта г1елъелла ойла.
Хораман шад бостуш синтеман б1аьрхиша,
Тешамел тоьлла харцо ма гойла.

Луьстур ду замано, ца юьтуш шалхонаш,
Кхолламехь мел хилларг ца хилла эрна.
Куьзгано-1аьмнаша хуттур ду вовшах,
Дисина дакъош цкъа кагбинчу маьлхана.

Йовхоно хьаьстича б1аьстенан дийнахь,
Иэсано биц бийр бу хилла цатемаш.
Амма и лазам сан сина хербеллехь,
Кхин х1унда ца г1отту г1елделла т1емаш?