Дахаран доза

Марти Тамия
Д1а г1ур ю, кхин хьалха баханарш санна,
Шийлачу малхана дуьне го бохуш,
Хьийзар ду тембоцуш гуттара санна,
Заманан х1оттамаш шен рог1е лоцуш.

Бешара дитта т1ехь декар ду хьоза,
Малхбузехь лаьттар ю д1о анайист,
Д1аг1ур ю, дитина дахаран доза,
Кхолламан йозано хадийнчохь йист.