Дейишин тийжам

Марти Тамия
Хьан жималлех яллал къа хета,
Дикаллех хета кхоам.
Сан собарах дера ча лета,
Со- нана ва лойла хьан.

Хьан веларо хьистина б1аьсте,
Д1айели хилла шех г1ан.
Вай керташ ма яьсса йиси,
Со-нана ва лойла хьан.

Хьо тешнарг ямарта хили те?
Доттаг1чух тардина хат1,
К1иллойн т1аьхьенца хедийла,
Доьнална биттина мот.

Царам шайн са ма доьхкина,
Са йина дато ялх шай.
Пайхмараш а боьхкина дуьне,
Нана лойла хьан, х1ай!