Вешина

Марти Тамия
Ямартчу буьйсано катоьхна виги,
Цу делан мостаг1чо леци хьан гуо.
Iадийна доьзалан мохь эрна иди,
Ца карий тийсарах дуьненна гуо.

И къиза тало, хьан дег1ах хьаьрчина,
Даь1ахках чeкх йохуш лазоран къахь.
Мацалло, хьагалло, шелоно г1елвича,
Ца къарлуш и муха лайра те ахь.

Хьан сирла синкхетам аналле кхевдина,
Иманца ойъуш ойланийн лахьт,
Цу ойлане б1аьра хьаьжначу ненан,
Б1аьргашчохь сецна заманан сахьт.