Бераллин чам

Заурбек Хамерзаев
Бераллин чам

КIентан йоIана Раянна

Бераллин дахар сан дацара маьрша,
Догъоьцуш цунах байт цундела яц сан.
Мацаллой, цамгарший Iиллаварх хьаьшна,
Ас яздарх тахана тешар вац цхьа а.
ХIетте со гIура-м вара, гIаш, когашIуьйра,
Марзонца цу хенан къаьхьа чам баккха!