Libertе Paul Eluard

Марти Тамия
http://youtu.be/JnaZKmycrZ4

Маршо

Сайн моссо дешаран тептар- тIехь
Со вехачу меттехь дитташ- тIехь
ГIамар-тIехь, лайна чимаш- тIехь
Аса язйо хьан цIе

Массо а бешначу мог1ан- т1ехь
Язданза дисинчу кехат- т1ехь
Т1улгана, ц1ийна, чимна т1ехь
Аса язйо хьан ц1е

Дешица кхелина сибат- т1ехь
Массо а  къонахийн герза- т1ехь
Мел волчу паччахьан тажа- т1ехь
Аса язйо хьан ц1е

Аренан, хьаннийн пана- т1ехь
Акхачу кондарган баннаш- т1ехь
Сан бераллех дисинчу аьзнаш-т1ехь
Аса язйо хьан ц1е

Мел йог1учу исбаьхьчу буьйсан- т1ехь
Мел дог1учу дийнан рицкъа- т1ехь
1ай- аьхкий хийцало рог1а- т1ехь
Аса язйо хьан ц1е               
 
Сийналлин массо аьхка- т1ехь
Айманчуьра маьлхан марг1ал- т1ехь
1амчуьра хьоьжучу батта- т1ехь
Аса язйо хьан ц1е 

Анайист лаьцначу маьрк1аж- т1ехь
Олхазаран даьржинчу т1емаш- т1ехь
1индаг1ах йиначу хьера- т1ехь
Аса язйо хьан ц1е

Мел йолчу 1уьйренан 1аьнар- т1ехь
Массо а х1ордан кеман- т1ехь
Массо а г1аьттинчу лома т1ехь
Аса язйо хьан ц1е

Мархийн к1айчу чопан- т1ехь
Оьг1азе дарцан хьацар- т1ехь
Люстачу тазделла дог1ан- т1ехь
Аса язйо хьан ц1е

Серлонах догучу сибат- т1ехь
Бекачу горгалийн оза- т1ехь
Бокъал бакъйолчу бакъон- т1ехь
Аса язйо хьан ц1е

Мел болчу зевне урам- т1ехь
Мел болчу баьстинчу некъа- т1ехь
Мел йолчу юьзначу майдан- т1ехь
Аса язйо хьан ц1е

Массо латийначу чиркха- т1ехь
Массо д1абайначу чиркха- т1ехь
Сайна гулдиначу бахьнаш- т1ехь
Аса язйо хьан ц1е

Шиъ хилла бекхначу стоьма- т1ехь
Куьзган- т1ехь, вуьжучу ц1ийна- т1ехь
Десачу назбаран маьнган- т1ехь
Аса язйо хьан ц1е

Вай ширачу не1аран саг1а- т1ехь
Вай Дайха бисинчу кхерча- т1ехь
Цу кхерчахь йогучу ц1ера- т1ехь
Аса язйо хьан ц1е

Мел долчу дийнатан дилха- т1ехь
Сайна мел безначийн яхьаш- т1ехь
Мел йолчу яьстинчу кана- т1ехь
Аса язйо хьан ц1е

Цецечу ангалийн б1аьргаш- т1ехь
Ойлано лаьцначу балдаш- т1ехь
Царех д1акъаьстинчу шабар- т1ехь
Аса язйо хьан ц1е

Сайн х1усамах йисинчу херцарш- т1ехь
Цу чуьра яйначу серлон- т1ехь
Сайн г1айг1ан 1аьржачу пена- т1ехь
Аса язйо хьан ц1е

Лаамах хаьддачу къастар- т1ехь
Уьйранах хаьддачу цхьаллийна- т1ехь
Дахарах летачу валар- т1ехь
Аса язйо хьан ц1е

Юха а г1аьттинчу ойлан- т1ехь
Лар йоцуш байначу кхерам- т1ехь
Мел лайнарг дицделчу ирсан- т1ехь
Аса язйо хьан ц1е

Цу цхьана дешан ницкъаца
Сайн дахар аса юха доладо
Хьо йовза со дуьненчу веана
Хьуна ц1е тилла, Маршо!