Хазлуш ю Нохчийчоь

Заурбек Хамерзаев
Кадыров Ахьмад-Хьаьжина


Лалийна, ягийна, аьтта,
«Инарлийн» базбелча бала,
Ахьмад-Хаьжа валарна хьалха,
Нохчийчоь, ларйи хьо Дала.
Маршонан бIаьсте тIехецна,
БIешерийн йойуш къизалла,
Нохчийчоь, самалхадаьлла
ДIахIоьтти хьан махкахь зама!
Вайн некъан нисдина къилба,
Даймохк, хьо букъ тIехьа лаьцна,
Ахьмад-Хьаьжа, деш дахар сагIа,
Лензалле вирзи хьан къина!
ДогцIена барт чIагIбеш халкъан,
Ца тоьттуш ден весет гена,
Рамзан ву куц кхолуш мехкан,
Нохчийчоь хазлуш ю денна!
Тешаме накъостий гонах
Кийча бу хаьштигах бага….
Турпал ден Рамзан – гуш къонах:
Нохчийн къам ду цуьнца ийна.
Машаре бIаьсте ю яьлла,
БIешерийн хьаьшна къизалла,
Нохчийчоь, самалхадаьлла,         
Хьан махкахь ирс сецна даьлла!
ДогцIена барт чIагIбеш халкъан.
Ца тоьттуш ден весет гена,
Рамзана денди дайн гIилкхаш,
Нохчийчоь хазлуш ю денна!