Даймахке

Нурди Пашаев
Дерриг Iалам хаздина,
Дийнахь малхо хьоьсту хьо.
Буьйса, дийнах тарйина,
Батто стиглахь нека до.

Ломахь Iуьйре цIийъелла,
Малхо зIаьнарш Iенайо.
Лаьмнийн баххьаш айделла,
Наьрташ санна лаьтташ го.

Сов исбаьхьа хиларна,
Хьоме Даймохк бу сийлахь.
Хьол нуьре нур цагарна,
Со мел ирсе вина ахь.

Кхечунна хьо беса гахь,
Дагна чIогIа хир ю вас.
Ахь сан ойла хьесталахь,
Со хьан кIант ву эр ду ас.

Дийнахь, буса, мичча хенахь,
Даймохк, хьо мел хаза бу.
Кхечу махкахь, хиларх генахь,
Ойла даим хьоьца ю.