Б1аьсте

Нурди Пашаев
Iалам дендеш малх схьакхийти,
Генадоккхуш шийла Iа.
Берашна мел хазахийти,
БIаьсте кхечи вайна схьа.

Денош дахло, дохло латта,
Мохо, малхо хIоттий той.
Бераш уьду хьалхе яккха,
Хоьхкуш серех дина дой.

Диттийн генаш рогIехь хуьйцуш,
Кхоэ девлла олхазарш.
Керла еъна хьаша лоруш,
Даккхийдеш ду адамаш.

Дуьххьара шена бIаьсте гинчу,
Беран амат доьлуш го.
БIаьсте юьйжи беран даг чу,
Са мел чIогIа къерало!