Ден хьехар

Нурди Пашаев
Дас цхьа хьехар дина суна:
– Адамашца ваза гIорта.
Цаьргахь ма ду дика, вон а.
Амма дика хир ду шорта.
Вониг хьайна гена татта.
Гиний хьуна, мохо хьаьттахь
Бертаза ойбий дIахьуш чан?
Буха дуьсу цIена ялта.
Иштта ма ду адмехь дерг а,
Адамашца ваза гIорта...