Къанойн совг1ат

Нурди Пашаев
Ден-ненан декхар ду
Доьзална хьехар.
Тиларха уьш ларбеш,
Хьекъадан хьекъал.
Ийманчохь уьш нислахь,
Кхочушдахь декхар,
Дуьненахь, эхартахь
Хир бу уьш декъал.

Вайнехан гIиллакх ду
Воккханиг ларар.
Къанойн хьашт кхочушдеш
Жиманиг вахар.
Вон мел дерг дихкина,
Диканиг алар.
Вайх доьзна хиларна
Адамийн дахар.