Буьхьиг

Нурди Пашаев
Тата даьлча, охьатоьхна
Зезагаш чохь доьлу гуьмалк,
КIант хьаьвзира чIогIа воьхна,
Iаьхаш хезча газа-гуьзалг.

Гира цунна иза ежаш,
Юха юлий ирхкхиссалуш.
Гича багахь Iуьйшуш бецаш,
Виси коьртан чоьш ийалуш.

Иза-м яра нана лоьхуш,
КIари чуьра яьлла ара.
Массарах а хьожа бохуш,
ХIоранна а хьоьжуш бIаьра.

КIанта кхоьруш коч схьалоьцу,
ТIехьа лелхаш винчу нанна.
– Буьхьигах хьо хIунда кхоьру?
Иза-м жима яй хьо санна..!

Эсала ю буьхьиг бохуш,
Эрна дара иза тешо.
Сагатдора  кIанта кхоьруш,
Лоьхуш шена вада гечо.

Шен цIоцкъамаш дусадина,
Буьхьиг хьаьжча шега ирча:
– МаIаш тухуш и ца хилча,
МаIаш хIунда ю сов ира?!