Сан г1ийла ойла

Зура Итсмиолорд
Ойлане евла мархаш
Малхан йоьх-сибат хьоста
Таь1на-сира асанаш
Суна  ц1аерзан некъ  гойта.

Ма генахь бу сан хьоме Даймохк.
Жовхаран т1адамсан лепаш.
Ма бода ду сан  доца дахар
Ца лепа  цун г1ийла з1анарш.

Соьлжан хиш дистина доьлхаш
Сан кирара алуха лета.
Г1амарах б1овнаш йоьттин
Хьурсилдиг хилла со лела.

Хьога мохь тоха сан са дац,
Хьоха  яла а сан  йиш яц.
Седарчийн барташ  а гуладеш
Сайн ц1аерзан некъ Делер боьхаш.