Ма йелхалахь, сан Соьлжа-Г1ала

Зура Итсмиолорд
Хьан дег1ан йина чоьвнаш гуш,.
Хьан латтан йина г1ийло  хуаш.
Къурдабеш  саттоха г1ерта.
Ма йелхалахь, сан Сольжа-Г1ала.

Везачу Делер собар  дехаш,
Борсаксанна кхуьаш к1ант а,
Зезагсанна кхиьна йо1а  а...
Ма йелхалахь, тхун Сольжа-Г1ала.

Стела1адан т1айнаш тесна,
Шасанна шила шовда муьйлаш
Эчках бина  турпал-к1енти
Са д1адалла хьийзаш бу хьун.

 Ма йелхалахь, сан Соьлжа-Г1ала.
Толам бакха пурба лолахь.