Х1ай зама!

Амнат Мартанхо
Х1ай зама! Хьайн къайле йийцахьа соьга?!
Стенга, сел сихъелла, йоьду-те хьо?!
Некъаца каетташ, карара йохуш,
Жималла, къоналла, ахь хьайца хьо.

Ца хоьтту ахь соьга: оьший-те хьуна,
Кийча юй т1елаца къаналла хьо?
Мохь беттарх, каеттарх ца хьожу юха.
Зама, хьай къайлене кхачаехь со.

Зама! Сан коьртара к1аййелла месаш.
Ас йечу ойланийн ю-те х1ара ачо,
Я айхьа яьхьинчу жималлийн доьхьал
Ахь суна ца1ебаш х1ара совг1ат до.

Х1ай зама! Сан кийра г1айг1ано лаьцна,
Дахаран к1оргене кхачалац со.
Охьадоьду татол чу, доьжна г1а санна,
Хьайна чохь такхийна йуьгу ахь со.

Х1ай зама! Доьху аса, махила чехка,
Жималлех ирс эца хан тхуна ло.
Хама боцуш катухий, къоналлех хедадой,
1ожаллин кара ахь, тхо х1унда ло?!

Зама х1ай! Х1ай зама! Бохуш хьоь кхойкху,
Амма тхан кхайкхамаш ахь емал бо.
Къа доцуш, хама боцуш, мостаг1ий санна,
Эхарте, жоьпалле тхо кхийдадо.