Гуьйре

Амнат Мартанхо
Аренаш тейина, суьйренаш шелйина,
Гуьйрено човхийна, аьхке хьо къахкийна,
Гуьйрено куьйгал деш шен низам хоттийна,
Ахь хаза сенйина, аренаш якъийна!

Гуьйре, со цхьалха ю, хьо соьца дера ю,
Аьхкено 1ехийна со х1инцаъ коча ю,
Лиееш цо хьаьстина сан ойла т1омахь ю,
Ткъа ахьа чехаян, со х1инцаъ жима ю.

Сан ойла къона ю, ткъа дог сан догуш ду,
Безамо 1ехийна ирсан чам хиина ю,
Аьхкено хьаьстина кханенах тешна ю,
Ткъа ахьа чехаян, со мичахь бехке ю?!

Сан даго къастийнарг, гуьйре ахь къахкави,
Ахь шена йина чов, цо соьга кховдайи,
Аьхкенца везаро сан ойла 1ехайи,
Б1аьрг боьллуш, гуьйрено,жима дог 1овжади.

Дерачу гуьрено безамах кхетий со,
Дуьненан харцонаш васхала ехий цо,
Стигланаш къовкъийна ойланаш этий цо,
Везаро со лиеяр, б1аьрг боьллуш гайти цо.

Аьхкене сатуьйсуш хьийзур яц кхин даго,
Гуьйренан бодашкахь бен бина шена цо,
Жималле ца хьоьжуш ма цхьалха йисий со,
Безамах, везарах, дог дилли ойлано.