Борц 1енош хьайн керта марздина олхазар санна

Амнат Мартанхо
Борц 1енош  хьайн керта марздина олхазар санна,
Хазачу дешнашца сан ойла лачкъийна ахь.
Мила ю 1ехон ерг шерачу маттаца кхана,
Муттийтуш шен долахь бу лекхачу цу ломан бохь?!

Хан оьшу тие суна, хьан дешнех ца теша 1ама?!
Я хьекъал оьшу тие, емал дан дуьйцуриг ахь?!
Йог1ур яц теша цкъа  бекхам беш хьуна цхьа зама?!
Сан доггах кховдаеш  дахаро хьоьга шен къахь…

Делахь а, ма мотта, ас лоьху х1уьттаре хьайна,
Я мостаг1 тарвелла, херделла кийрара дог хьайх.
Сан коьртехь хьийзаш ю, х1инца а, хьох лаьцна ойла...
Хьо воьхуш бетташ бу, кийрарчу сан даго мохь.