Нохчийчоьн лаьмнашкахь

Амнат Мартанхо
Нохчийчоьн лаьмнашкахь 1уьйре т1ееара,
Чож ийзош, дера борз доггаха уг1уш.
Къежделла лайн бухахь лаьттачу лаьмнаша,
Берзан аз айдира, кар-кара оьцуш.

Орцане кхайкхам беш берзан аз декийра,
Къаьхьа кхаъ бара цо лаьмнашка кхайкхош.
Нохчийчоь! Хьунам и кхаъ керла бацара,
Хьоь кхойкхуш уг1ура и - : «Мостаг1 ву вог1уш!».

Нохчийчоь! Цу озо моссалг1а г1аттий хьо?!
Моссалг1а, алахьа, хьан наной белхий цо,
Моссалг1а мост1аг1чо хьан к1ентий х1аллак бо?!
Хьан ярташ, моссалг1а, ягайо мостаг1чо!?

Хийлаза бо-бераш маьхьаршца дитий цо,
Хийлаза г1аддайна зударий белхий цо.
Г1орасиз дай-наной во1 воцуш дитий цо.
Са-ч1ог1а хилла хьо, сан хьоме Нохчийчоь!

Нохчийчоь! Хьан лаьмнаш кхолийна г1айг1ано,
Йохийна лаьтташ ю хьан г1ишлош мостаг1чо.
Яхь йолуш хилла хьан къонахий, Нохчийчоь!
Доьналлех ца бухуш, цара хьох синош ло!

Нохчийчоь!
Хийлачу къонахийн ц1ий ахьа хуьйдина,
Ма хийла б1аьрахиш хьуна чохь 1енийна.
Хийлаза къиза кхел хьан латте кхачийна.
Х1ун къа хьох дахна-те, х1ун г1уда хьаьрчина?!..