***

Амнат Мартанхо
лаъамаш къестабеш ма яйъа е йоцу зама,
Цу Делан кхоьлана хастам бан 1амахьа хьо.
къонаха аьлла ц1е йоккхийла хьайх лаахь кхана,
хьо вохий ма хьовза балано лацарах го.

Серлонах кхелина т1ееъчи комаьрша зама,
тилийнехь хьан ойла юьхь йоцчу цу куралло,
боданах хьаьрчина бохамца даг1ахь де кхана,
доьналла гойтур дац мискачу цу хьан даго.