Сатийсам

Нурди Пашаев
               
Дуьненна ша гуо таса,
Малх хьошалгIа бахана.
Тховсенна цкъа садаIа,
Малхо зIаьнарш леIна дIа

Берийн ловзар, хьуьнар къовсар,
Кханенна дIатеттина.
Стиглахь датон бутт а тховса,
Мархашлахь дIалечкъина.

Бераш хьоьжу малх цIабаре,
Кхана кхетар бу и схьа,
Серладоккхуш стигал даре,
Бода эккхош генна дIа.

Кхочуш хир бу вайн сатийсам,
Серло хир ю массанхьа.
Доьху серло, деган Iийжам,
Бода гена баккхахьа.

Даламукълахь, серло йохьуш,
Малх кхетар бу Iуьйранна.
Бераш хир ду самукъадолуш,
Иза хир ду дуьненна.