Керла шо

Нурди Пашаев
               
Iаьржа буьйса серлаяьлла,
Доццушехьа беттаса.
Шира шо ду новкъа даьлла,
Вайх  дIакъаьсташ бертаза.

Кхойкху  вайга: арадовла!
КIайн кIант лаьтта воьссина.
Хьешана ков дIа ма къовла,
Ло ду догIуш кхоьссина.

КетIа кхаьчна ГIура-Дада,
СовгIатех ги боьттина.
Дуьло, бераш, дуьхьалхьовда,
Хир ву иза хIоьттина.

Дагалецам  вайна  буьтуш,
Нускалх  базалг* кечйина,
Вайн дегнашкахь шен лар юьтуш,
Шира шо дIалечкъина.

Зама йоьду, зама йогIу,
Денош луьстуш тIадамех.
Шо дIадоьду, шо тIедогIу,
Къаста ца луш адамех.