Гергарло

Амнат Мартанхо
Я лулахь, я гергахь вай дукха дахарх,
Гергара хир дац вай, мел ду вай бахарх,
Гергарло ю цlийца юьйцина уьйр,
Ткъа кхин дерг дlадовр ду, хилла шех туьйра.

Гергарло карош дац бlаьргашца лоьхуш,
Я хуьлуш дац иза духкуш, я оьцуш,
Вайн орам цхьаъ хилар – вай хилар цхьаъ,
И ду вайн гергарло, и бу вайна кхаъ!