Ойланаш

Амнат Мартанхо
Ойланаш уьду сан гена,
Хуьлуш бац я синан там,
сан синтем хи хилла 1иена,
х1иттабеш баланий 1ам.
Цу 1омо, куьзгано санна,
Схьагойту дахаран къахь,
Х1етте а, хадабо беза,
Адамаш дахаран мах.