Адам

Марти Тамия
Хьуна ма моьтту хилла хьайх хьекъалан да,
Дуьненахь муьлхха а дахаран йогучехь серло.
Хиларах мел чIогIа маьрша ойланаш хьан,
Хьоьга ца айло кхолламан къайленан пардо.

Хаалахь, мел долчу дийнатан шен хьекъал ду.
Гой хьуна, зезагах денделла Iаламан дехар?
Болатан шийлачу лепарехь шен безам бу.
Цу экаме хиларех дозу хьан дерриге дахар.

Боданехь дерг а гина ву кхоьллинарг ана.
Шеконаш лехьочо ша-шена Iеса кад бутту.
Сирла синкхетам девзина хиндериг кхана,
Къевлинчу негIаран бIаьрсица хьоьжу.