Г1иллакх-оьздангаллах лаьцна

Нурди Пашаев
ХIара материал язъяран бахьана хIун ду аьлча, дукха хан йоццуш редакце веанчуьра со цIавоьдуш, суна дуьхьал кхеттачу Куршлойн кIоштан библиотекан белхалочо Вахаева Асета ша могуш-паргIат хаьттина яьлча дийхира: "Нурди, вайн нохчийн гIиллакх-оьздангаллех, лаций яздехьа. Тхайн балха тIехь оьшура тхуна оцу тайпана материалаш".
Бакъду, со жимма воьхна хьаьвзира, оцу гIулкхана суо охIла ца хиларна я ас кхин цуьнан башха дог а ца ийцира. Амма суо цIа кхаьччахьана а, Асета сайга динчу дехаран декхарлара вала лаар сов дуьйлура сан.
Тахана, дайн гIиллакхаш, ламасташ, гIуллакхаш карладохучу муьрехь, вайна хаа деза дIаяханчу заманчохь адамийн гIиллакхаш муха лелаш хилла а, иштта вайн синIаткъамийн лехам бусалба динца муха бозабелла хилла а. Бакъду, оцу дерригенах лаьцна дийцина вер а вац. Цундела лелон хуучунна, я луучунна мелла а хаза а, оьзда а ду вайнехан гIиллакхаш.
Хийла вай вовшах кхеттачохь дуьйцуш, олуш хезна вайна: вай дай оьзда хилла, яьхь йолуш хилла, цара вовшашца гIиллакх лелош хилла, бохуш. Вай дозалла дарца дуьйцу къонахех, дикачу нахах лаьцна.
Амма иза дац тахана вайна юкъахь и тайпана  дика нах ца бисина бохург, я шех масал эца стаг ца висина бохург а. Делахь а, вайна мел халахеташ делахь а, хIокху тIаьххьарчу шерашкахь чIогIа лахбелла адамийн вовшашка болу къинхетам, баккхийчаьрга болу лерам, вовшашна юкъахь хаалуш ю эвхьазлонаш. И эвхьазлонаш хьакхало божарех а, зударех а. Уггаре а халахетарг ду, доьзалан ненах, хIусамненах хьакхалуш уьш хилар.
Тохара тхо кегийра долчу хенахь шайн юьртахь я куьпахь емалвора вониг, къобалдора диканиг. Массара лоруш болу нах хуьлура хIора юьртахь а, куьпахь а. Юьртахь пхьоьханаш хуьлура, къоьжалло кхелина баккхий нах охьа а хуьйшуш, дика-вон цара дийцаре дора. Суьйранна, малхбузу IиндагIаш дахлучу хенахь, хаза хийист дIахIуттура, цигахь кегийрахой вовшах кхетара, вовшийн безамах дагара дуьйцуш. Iуьйранна я дийна юккъехь йоIе вистхилар эхье лорура. МаьркIажал хьалхе йоI маре йодахь, ядийнарг лорура. Массо хIума а шен-шен кепехь дара, лелочун доза дара. Наха хIума аьндолчух ларлора. Буьйсанна буьртигахь хьаьаш йохуш, тIаргIа къажбеш я нораш цIандеш белхеш хуьлура. Я синкъерам бора, хьеший баьхкича, церан лерам беш.
Юьртахь зуда ялийна ловзар хилча-м, ерриге юрт бохург санна, цига дIагуллора. Нускале мотт а бостуьйтуш, лаккхарчу низамехь той дIахьора. Бакъду, юьртахь даьлла тезет а долуш, цхьана дас ловзар-м муххале а дийр дацара, ур-аттала зуда цIа юьгуш топ а-м кхуссур яцара.
И дерриге таханлерчу денца дуьстича, вайна гуш ду-кх: Iуьйранна мичча хенахь а йоI урам новкъахь сацон а, цуьнца латта а мега. Буьйсанна хуьлучу белхийн меттана, кегийрахой телевизорш чу а бирзина Iаш бу. Наггахь юьртахь ловзар дича а, цхьацца лела ца хуучу наха и дохош меттиг хуьлу.
Вайн гIиллакхех лаьцна хьахийначуьра, хьасттагIа со рузбане воьдуш а, юха цигара цIа вогIуш а сайна новкъахь гиначух цхьацца хIума хьахо лаьа суна.
…Со боккхачу некъа воллушехьа, 40-45 шо хир долуш йолу цхьа зуда суна нисса 2-3 гIулч хьалхашха, со тергал а ца веш, некъахь машен йогIуш юй а хьаьжна, сан некъ а хадош, дехьа йолу. Иза Iовдал йоций-м хиира суна, Iовдал хилча машен йогIий а хьожур яцара…
Ас ца боху, сайн некъ хIунда хадийна, и баха сан бакъо а яц. ШарIе диллича а, мискъалзарраталла хьо кхечарал лакхара хета мегар дац боху. "Со хIунда ца лери хIокхо, суна хьалхахула хIунда ели хIара?" - аьлла а дагчу куралла ягIахь, Далла тергахь кхераме ду боху.
Ас бохург: "Деладахь, тахана гIеметта хIоьттина, къаналле лестина йолчу оцу зудчунна а ца хиъча, и гIиллакх-оьздангалла цуьнан доьзало хIун дийр ду техьа? Уьш хьанах тера хьалакхуьур бу техьа? Цара хIун дийр ду техьа? Хир юй те вайн юьззина къона тIаьхье?" - бохург ду.
Со цIа вогIуш а, сайн цIа кхача йиснарг 200 метр хиллал меттиг бен яцахь а, цIа ваха йиш йоцуш лаьттара со. Оцу боккхачу новкъара хьалавоьрзучохь, тхан урам новкъахь, сан беша йисттехь ала мегар долуш, лаьтташ дара кIант, йоI а. ХIинца со хьалаволавелча церан меттиг йохайо-кх ос бохуш, сайн жималла дага а лоьцуш лаьттара со. Бакъду, тхо кегий долчу хенахь лаьттинчух тера-м дацара суна гуш долу сурт. Цкъа делахь, йоI, шеца накъост а йоцуш, ша яра, я кIентан латтар а дацара башха йоIаца дагара дуьйцуш лаьттачух тера. Алссам нах дIасалела урам бара иза. ЦIа ца вахча ца  волуш со а вара. Делахь а, со-м йогIуш йолчу, сайн лулахочун "Беларус" трактор а сацийна, цу тIе а хиъна, царна уллешха чекхвелира, царна новкъарло а ца еш. Цул тIаьхьа, гIеххьа хан яьлча, со корехула арахьаьжча а лаьтташ гуш дара и шиъ. Амма царна уллешха тIехбуьйлуш, дIасалелаш, сол кегийра, даккхийра а адамаш гора. Ас ойла йира: "Хьажахь, церан меттиг а ца юхуш, со а валалур волуш хилла-кх царна тIех", - аьлла. Амма ас лелийнарг сайн гIиллакх дара.
Эхье хIун ду а, эхье хIун дац а хьохуш хила дезаш дара, къаьсттина дай-наноша.
Кхин хIумма ца хилча а, вай муьлхха а цхьа буьйса схьалаьцча, тийна сахиладоллалц цхьацца маьттаза гIовгIанаш а еш, деса къамелаш дарца билгал а буьйлуш, цIармата буьйлуш, пайда боцурш лелош, урам новкъахь буьйсанаш токху вайн цхьаболчу кхиазхоша.
Дай-наношна хIунда ца хаьа шен доьзалхо чу мича хенахь вогIу я цо хIун некъ лелабо а?
Вайн доьзалш вай иштта хецна битахь массо хIума а, кхана Iуьйрре къоман амал йоцуш, юьхь йоцуш дисарна кхерам бу вай. ХIун дийр дара те, хIун далур дара те вайга?
Вай, Дела орцах волийла, бохуш, Iарх гIуллакх хир ма дац. Вай лелочу дикачу хIуманна и орцах ваьлча а тоьар ма ду. Вай ваьш ма ду тахана оцу вешан доьзалшна орцах довла дезаш дерш, уьш нийсачу новкъа баха безаш дерш, царна ца хуурш хьеха декхарийлахь дерш. Доцца аьлча, царна дов дан а, ца хуьлчу даьлча тоха а йиш ерш.
Шеко яц шуна, Дела чIир оьцур йолуш ву шуна. Мискъалазарратал а хаттар доцуш, жоп доьхур доцуш хIума дац шуна. Ойла е тахана шаьш сема долччуьра. Байттамал бохучу хенахь тIаьхьа хир ду шуна…
Дуьненахь дехаш долу массо а къаьмнаш вовшех юьхь-сибатца къаьстина ца Iаш, басаца къаьстина ца Iаш, шайн гIиллакхашца ма къаьста. Ткъа тахана вайна гуш дерг, вайна хезаш дерг вайнехан амалца догIуш дац. Масала: урам-новкъахь, ламазаш а туьлуьйтуш, я уьш данне а ца деш, цизаьркаш, къаьркъа, кхийолу "ирча" баккхалш юхкуш вайнехан зуда хилар - и вайн массеран а эшам бу, цхьана доьзалан нана ма ю иза… ДIакхоьссина бер карийна бохург и къоман а лазам бу, къанделла да-нана дIатесна лелаш бераш ду аьлча а чIогIа новкъарло хуьлу дагна. ХIунда аьлча уьш берриге а цхьа тайпа-тукхма долуш, белча дIабохка безаш, дайн кешнаш долуш нах ма бу. Доладан дезара вай вешан доьзалийн. ХIора дас-нанас шен-шен доьзална тIехь хила ма деззара Iуналла деш хилча, вайна милцой а оьшур бацара, цара кхин болх бийр бара. Оцу доьзалех лаьтташ ма ду дерриге халкъ. Доьзал ма бу вай уггаре хьалха ларбан безаш берг, тIехь Iуналла дан дезарг а. Цундела тахана суна чIогIа лаьа вайнехан гIиллакхех пайда а оьцуш, хIора а доьзалехь хила езачу юкъаметтигах пайда а оьцуш, хIора а доьзалехь хила езачу  юкъаметтигах дай-наноша шайн доьзалшна, кIад а ца луш, нийса некъ хьоьхийла.
Дуккхболчу хийцамийн тешам хилла вай хIокху тIаьххьарчу шерашкахь. Оцу дIадаханчу тIеман хиламаша хийцина техьа вайн амал? Тахана вайгахь долчу хьоле ладоьгIча, кхана вай мича кхочур ду техьа бохург дагчу лелхаш, ойлано хьийзаво со. Вай оцунах цхьацца там хуьлуш хилчхьана, стагана томана харц дерг дуьйцуш хилча, вешан къоман хIума гал ма доккху вай. Ша къонах волу нохчи, и стимал къаьхьа делахь а, бакъдерг дуьйцуш хила веза.
"Вай нохчий ду" - олу вай. Бакъду, нохчочуьнгахь хила езаш йолу яхь, гIиллакх, оьздангалла, собар, стогалла тоьаш ца хуьлу вайгахь.
"Вай бусалбанаш ду", -  олу вай. Амма, бусалба стагана тIехь долу декхар кхочуш ца до вай. ТIаккха хуьлий вай бусалбанаш?
Таханенна пайдехь дерг лоьху, аттаниг хоьржу, кханенна ойла йийриш кIезиг хуьлу. Нагахь санна, цхьа хIума ваьшна пайдехь карийча, шариIатна тIетевжа вай, и вайгахьа делахь, пачхьалкхан законна тIетевжа, ваьшна гIолехь хетахь, я нохчийн Iадатна тIетевжа.
Уггаре а тоьлларг хир дара вай, ваьшна хетарш Iад а дитина, вай кхоьллинчу Везчу Дала хIун боху хьаьвсича.
Масийтта декъе декъаделла, вовшашца хера а ца дуьйлуш, бусалба дин цхьаъ хиларе терра, цхьаъ хилий даха вай? Оцу бакъ новкъа вай дIвадахча ялсамане кхочу-кх вай. Ца долхахь - некъах тилла, шайтIана буйна дахарна кхерам бу.
Дала бакъдерг довза хьекъал лойла вайна, тIаккха оцу бакъдолчунна тIаьхьадаза ницкъ а лойла вайна. Дала иштта харц дерг довза а хьекъал лойла вайна, тIакхха оцу харц долчух лардала ницкъ а лойла вайна!
Дала нисдойла вай шен нийса хилла болчу некъа тIехь!
Дала лардойла вай Делан оьгIазаллах! Дала лардойла, вай зенах- зуламах! Дала тIаьхье беркате йойла вайн!