Нохчийн меттан Де

Нурди Пашаев
1аламат лаккхарчу т1ег1анехь д1адаьхьира Майртуьпарчу №1 йолчу юккъерчу школехь Нохчийн Меттан Де даздар.
Ч1ог1а говза сценарий х1оттийнера, лакхарчу классашна нохчийн моттий, литературий хьоьхуш йолчу хьехархочо Ломалиева Зулпата.
Оцунна бехке бара, шайн балха т1ехь доккха зеделларг долу, инициаторш: Дидиев Макан, Джанаралиев Руслан а. Иштта, шена т1едиллина декхар, говзачу корматаллица, массеран а шех б1аьрг бузош, кхочушдира хьехархочо Р. Солтамурадовас. Шен микрофон бете а оьхьна, зала чохь гулбеллачу хьовсархошна дуьхьал а йирзина:
- Хьоме бераш, хьомсара накъостий, тахана вай д1ахьур ду, Нохчийн меттан дезчу денна лерина долу вовшахкхетар. Вовшахкхетар д1адолош, х1инца вайна йоьшур ю, нохчийн маттах говза дош аларца билгалваьллачу, нохчийн сийлахьчу поэта Шайхи Арсанукаевс язйина йолу "Нохчийн мотт" ц1е йолу стихотворении, - аьлла, дуьххьара 10-чу классан дешархочунна Межидова Меднина дош даларца д1адолийра цо:

…Йист йоцу х1орд санна,
Бу хьуна шорта,
Ша хууш волчунна
Вайн нохчийн мотт…

Цул т1аьхьа Решиева Зулихана а, лаккхарчу интонацица, д1айийцира Билал Саидовн "Ненан мотт" ц1е йолу стихотворени.

…Ненан мотт цахаар
Шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар
Маьттаза вахар ду.
Хьайн ненан мотт хаахь,
Дозалла ас до хьох,
Даггара и безахь,
Ас хастам бо хьуна.
Цунах ма херлолахь,
Доттаг1а, варийлахь,
Ненан мотт хьайн бацахь,
Байлахь вуй хаалахь!

Дуккха а оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а аьлла дешнаш а, цитаташ а ду вайн нохчийн маттах лаьцна.
Вайн нохчийн меттан талламхочо Петр Карловича Услара аьлла вайн маттах лаьцна: "Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а и мотт, шен г1оьнца адамийн ойланан уггар а к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьал долуш бу".
Ткъа, оьрсийн воккха яздархочо Л. Н. Толстойс а иштта аьлла: "Нохчийн мотт уггар а хазачу а, хьал долчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь".
Оьрсийн яздархочо К. Паустовскийс аьлла ненан маттах лаьцна: "Шен махке болу бакъ безам шен матте а бацахь, маь1на долуш бац. Мотт вай 1ама а бо, дахаран т1аьххьара денош т1екхаччалц саццаза 1амо декхар а ду!"
Нохчийн меттан дезде шена а гергара хетарна, даггара къамел деш, чулацаме къамел дира, цу школехь нохчийн меттан хьехархо а, психолог а волчу Дидиев Макана:
- Буьйцучу маттаца бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн. Исторех, арифметиках, литературах, грамматиках, физиках, доцца аьлча, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча.
Мотт вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Иза хьекъалан а, ойланан а хазна хилар т1еч1аг1дира цо.
Дуьненахь къаьмнийн меттанаш 1аламат дукха ду, 1илманхоша дерриге а кегий а, даккхий а къаьмнийн 3000 сов къоман мотт лору дуьненахь. Царна юкъахь бийца атта а, хьалдолуш хиларца а шен меттиг д1алоцуш бу нохчийн мотт а. Иза эзар шераш хьалха кхоьллина бу.
Х1инца, цу хьокъехь, вайн яздархочун Кацаев Сайд-Хьасанан дешнаш дало лаьа суна.
"…Вай вовшашка оьрсийн мотт бийцар, кехаташ яздар, книгаш ешар а, къамелехь оьшу дош  оьрсийн маттахь сихо карадар а - вайна оьрсийн мотт дика хааран, я бийца и атта хиларан билгало яц. И вайна вешан нохчийн мотт цахааран билгало ю.
Нохчийн маттахь деша ца хаар - дозалла дац, эхь ду.
Нохчийн мотт къен хиларна дац х1инцалера кегийчу наха шайн "безам" оьрсийн маттахь бийцар а, - цахаар ду. Ц1ена безам вуно дика, хаза, атта а бийцало нохчийн маттахь. И вайна гуш ду Са1ид Бадуевн, Абузар Айдамировн, Муса Бексултановн а произведенешкахь, ткъа важа дерш эвхьаза х1умнаш ду."
Лакхахь ц1ераш яьхначу 1илманчаша а, яздархоша а ма дийццара, Дала мукъалахь, цамоьттучу кепара сиха кога г1ур ду вай. Вайн жимчу халкъана ирсе г1улч йоккхуш, 1илмано шен не1 йоьллур ю. Маьлхан з1аьнаршца г1уьттур ю х1ораннан а ойла. Вайн дегнаш хьоьстуш, хир ю ирсе кхане. Шегахь пох1ма долчо а, доцчо а дахарехь юьтур ю дика лар.
Далла т1е болх а биллина, вешан мотт кхиорехь къахьоьгуш, лакхене некъ бийр бу вай. Цу маьлхан з1аьнарша некъ серла боккхур бу вайна, вайн меттан хазалла, говзалла вай 1амаяхь.
Т1аккха вайл ирсениг цхьа а хир вац кху дуьненахь.
 Дуккха а яздина яздархоша вайн нохчийн хазачу г1иллакхех а, Даймахках а, безамах а, 1аламах а, нохчийн къонахаллах а лаьцна.
Иштта Дикаев Мохьмада язйина шен къомах лаьцна "Нохчо ву со" ц1е йолу стихотворени. И байт дагахь д1айийшира 8-чу классерчу дешархочо Сатабиев Джамалайлас.      
Ткъа 1аламах лаьцна ч1ог1а хаза мог1анаш яздина вайн сийлахь воккхачу яздархочо Бадуев Са1ида. Масала: "Дуьненна а исбаьхьалла латтош болу сийлахь малх, шерачу арара жима юрт дешица кхала йиш йоцуш, к1айчу духарца лаьттачу рег1а т1ехьа чубузуш лаьттара, ша чубузу гуо г1еххьа ц1ий а бина. Цуьнан ц1елла, жима юрт шина декъе йьоькъуш схьадог1учу хина бина жима ша лепабора, цу шен лепарца къуьйсуш санна, цу шана гонах диллина 1уьллучу лай т1ера луьста суйнаш къиэгаш ирх кхийсалора".
Мел хаза 1аламан сурт х1оьтти вайна хьалха и мог1анаш дешча.
Иштта хаза исбаьхьа сурт х1оттадо вайна хьалха Ясаев Мохьмада а, шен 1аламах лаьцна яздинчу мог1анашкахь.
"Малхбалехьарчу лекхачу лаьмнашна юкъара хьалаг1еттина малх дикка лакхабаьллера, шен нуьре з1аьнаршца оцу лаьмнийн шахьаьхна к1омсарш детех а лепош."
Мел хаза бу вайн мотт бийца хуучо буьйцуш. Малхо дешица кхелина боху цо аренаш а, тог1еш а. Т1ехь ло долу лаьмнийн баххьаш, шахьаькхначу даточу к1омсарех тардина цо.
Нохчийн къонахалла йовзуьйтуш, къонахчух лаьцна яздина Сулейманов Ахьмада а шен "Шуьнехь дош" ц1е йолчу стихотворенехь. И стихотворени д1айийшира 8-чу "а" классан дешархочо Зайпулаев 1усмана.
Вайн къоман яздархочо Мамакаев 1арбис язйина йолу "Йо1е" ц1е йолу безамах лаьцна стхотворени юкъара цхьа кийсиг схьалоцур вай:

Ц1ен зезаг гарманан арахь
Бай кхолуш, т1амаршца г1отту.
Тхи къегош, баьццарчу бай т1ехь,
Кегийра седарчий х1уьтту.

Мел дагах хьакхалуш, оьзда дешнаш карийна авторна и стих язъеш.
Нохчийн маттахь дуккха иллеш а ду вайн Даймахках а, безамах а, ненах лаьцна а. Царех цхьаъ ду, вайн иллиалархочо, Усманов 1имрана д1аолуш долу "Зезаг" ц1е йолу илли. И илли 1аламат хазачу макъамехь д1аэлира Асхабова Хадижата:

…Байчу мохо идош т1ома,
Хьоьстуш малхо, беттасина,
Кхуьуш зезаг суна гина,
Нохчийчоь, хьан арахь, ломахь.
Ган лаьар-кха и хьан зезаг,
Нохчийчоь - сан сирла седа!

Мел дийцарх к1ордор а доцуш, дийцина ца валлал дукха ду вайн нохчийн хаза г1иллакхаш. Царех цхьадерш довзуьйтур вай.
Хьалха заманчохь, ши къонах вовшашца дов даьлла, я ч1ир екха г1ерташ, вовшашна герз даьккхина чуччахьаьдча, нохчийн зудчо шен коьртара йовлакх схьа а даьккхина, и цаьршинна юкъа кхоьссича, дов д1адоьрзуш хилла. Иштта сацош хилла вайн наноша ц1ий 1анор.
Говрахь вог1уш волчу стага, говрара охьа а вуссий, хоттуш хилла могуш-парг1ат. Нагахь санна, воккха стаг г1аш вог1уш шена дуьхьал кхетча, иза т1ехваьлла генаваллалц, шен говра т1е хууш а ца хилла нохчийн къонах.
Амма, х1инца а лелош  схьадог1уш ду вайн хьаша т1еэцаран г1иллакх. Къемата а и стаг вевзаш ца хиларх, цхьа г1о оьшуш, я новкъахь к1адвелла, не1ар т1е веана волу стаг, везаш т1еоьцу вайнаха. Вайн нохчийн олуш цхьа алар ду: "Хьаша ца вог1у х1усам - х1усам яц", "Хьаша керта - беркат шорта".
Иштта, оцу хьаша т1еэцарх лаьцна язйина ч1ог1а хаза стихотворени ю Сулейманов Ахьмадан "Дог дохден ц1е".

Вайн кхерчарчу ц1арочул а,
Хьаша вохвеш, йовхо луш,
Ю вайнехан комаьршалла!
Ду вайнехан оьзда дош!

Ткъа кхечу меттехь, 1аламат беза мах хадош, вайн сийлахь воккхачу яздархочух Гадаев Мохьмад-Селахьах дош аьлла Ахьмада: "Мохьмад санна верг эзар шарахь цкъа бен ца вог1у х1окху лаьтта т1е. Мухьмад кестта вог1ур вац. Г1еххьа заманаш оьшу иштта цхьа Мохьмад кхолла". Иштта дан а ду иза. Цуьнан еккъа цхьа стихотворени а тоьар яра, цунах кхоччуш дош ала - "Даймахке сатийсар". Ша лаьцначохь, ц1аверза йиш йоцуш, Даймахке сатуьйсуш язйина цо и. Массеран а ладог1а дог доуьйтуш, инзаре хазчу озаца, мукъамехь д1аэлира и илли Асхабова Хадижата.

Чурт санна, лаьтта со
Г1ум-Азин арахь,
Тянь-Шанан лаьмнашка
б1аьрг тоьхча, кийрахь
генарчу Даймехкан
сурт х1оттало,
малхбузе мел хьийжи
дог 1ийжадо.

Малх буза бегийна,
рег1а лахбелча,
суьйре а Даш хилла,
сайна язъелча,
ойланийн дарц даьлла,
со айавелча,
Даймахке вуссу со,
я Везан Дела.

Берахь со хьийзинчу
даккъашка вуссий,
лаьмнашка, арешка
сирла б1аьрг кхуссий,
кхоьлинчу б1аьргаш чу
мела хи дуссий,
Даймахке хьоьжу со,
я Везан Дела…

Вайна ма-хаъара, вайн нохчийн г1иллакхехь, бусалба динехь ма-хьеххара, ненан сийлалла лакхарчу т1ег1ан т1ехь ю. Нана бохуш  долу дош доккха маь1на долуш дош ду. Цундела нийса хир дацара, х1инца "Нана" ц1е йолу эшар ца лекхча. И эшар хазахетарца д1алекхира Асхабова Хадижата.

Зама, хьо сих ма ло,
нанна т1е кховда,
йисинчу хенах сан
дехьа ши дакъа.

Цхьа дакъа, доьху хьоь,
цунна д1алохьа,
со ирсе хир яра
дуьненахь т1аккха…

Вайн къоман юьхь гойтуш, оьзда ду вайн нохчийн хелхар а. Хьовсархойн дог ир-кара  х1оттош, ладуг1учеран ч1ог1а самукъадоккхуш, хелхаран к1еж гайтира, шина дешархочо, Асхабов Исмаь1алий, Асхабова Хадижатий.
Ч1ог1а хьалдолуш ю вайн нохчийн фольклор а (халкъан барта кхолларалла)
Дуккха а ду вайн ира аларш, (хьекъале дешнаш) кицанаш, х1етал-металш, халкъан иллеш, эшарш.
Иштта 8-чу "б" классан дешархочо Юнусова Маликас масех кица д1адешначул т1аьхьа, нохчийн меттан сийдеш, оцу маттах лаьцна шайггара стихаш кхоьллина къона стихкхоллархоша: Решидова Марета "Нохчийн мотт", Ахмадова Маринас "Ненан мотт", Джабраилова Марета "Сан хьоме ненан мотт" стихаш йийшира. Цул т1аьхьа Асхабов Исмаь1але, Батигов Халиде а "Даймохк" ц1е йолу илли а алийтина, вовшахкхетар дерзош, Дидиев Макане дош делира:

- Дуккха а беламе, забаре дийцарш а ду вайн халкъан. Х1инца, царех цхьаъ шуна дийца лаьа суна, - аьлла, шен дийцар д1адолийра цо. - Мацах цкъа, цхьана стага ч1ог1а халахетар дина хилла цхьана стагана, сардам а буллуш. Цунна дуьхьал болла дика сардам лоьхуш лелаш хилла и стаг. Т1аккха цхьана юьртахь ю аьлла хезна цунна, дика сардам буллуш зуда. Говра а хиъна, оцу юьрта воьдуш хилла и. Воьдуш юьрта кхаьчча, юьртарчу пхьоьхане хаьттина цо:  "Сардам буллуш йолу зуда мичахь 1аш ю", - аьлла. Цара аьлла, шаьш бахара а ма ала, д1о новкъа хьо д1авахча, 5 ц1а а дитина, 6-чу ц1а чохь 1аш ю хьуна, ша чул дика сардам цхьаьнгге боллуьйтур болуш а яц хьуна".
Д1а а кхаьчна керта вахана х1ара стаг, и зуда уьйт1ахь х1умнаш юьттуш хилла. Цо хаьттина, хьо лаа леларий, аьлла. Ша-м ахь дика сардам буллу аьлла хезна веанера, аьлла кхуо.
- Ой, и ду хаза, суна мичара хаьа сардам болла? Ша воьдуш 1енийна даь1ахкаш, вог1уш лехьош вог1ийла, хьоьга и аьлларг", - аьлла зудчо.
- И сардам суна тоьаш бу-кх, - аьлла, шен сардам а эцна д1авахна бах и стаг.
Цунна дайна, х1ара вайн нохчийн меттан де даздаран барам тоьар бу олуш стаг вер воцу дела, вайн вовшахкхетар цхьанне а к1ордийна доццушехь, цу т1ехь, къа мел хьегначарна а, ла мел доьг1начарна а баркалла а олуш, оцу денна лерина болу барам берзор бу вай. Дела реза хуьлда, кхуза мел баьхкинчарна а, бахканза бисинчарна а.