Берийн доттаг1а

Нурди Пашаев
Диъ шо бен дацара Демеев Исмаь1алан нана д1акхелхинчу хенахь. Цул т1аьхьа шина шарахь бен ца вехира да а. 1аламат халачу хьелашкахь д1аболабелира к1ентан дахаран мур. Буобер ду аьлла х1умма а дахаро кхоа ца вира иза. Жимчохь дуьйна, дахаран хала киртигаш т1е1иттаяларца, дуккха а халонаш лан дийзира цуьнан, кога ца х1отталуш.
Нохчийн муьлхха доьзал схьалаьцча а, хьанна а дера яра цу хенахьлера хан хала-м. Дийнна нохчийн къам харцонца шайн махках даьккхина, йоьрзур йоцу чевнаш йина долу. Т1аккха муха йицлур ю вайна, нахана т1ехь лелийна къизалла, харцо а? Мел дукха шераш д1аэхарх, цу хенахь и сурт шайн б1аьрга гиначаьрга и хан йицйе бохург харц лоь.
Ткъа Исмаь1ална-м,  шен бералла дага ма еъана, дуьхьал х1утту и ирча сурт. Бежнаш санна товарни вагонаш чу а доьхкина, дуьгу меттиг хууш а йоцуш, цу доьхначу дийнахь, дерриг вайн жима халкъ новкъадаьккхинчу. И некъ-м хиллера Сийначу Сибрех боьдуш...
Цул т1аьхьа кхузткъа шо сов хан яьллашехь, ас шега шен бералла хьахийча, Исмаь1ална юха а карладуьйлура иза, селхана хилча санна:

- Хала дара йита Нохчийчоь, бита Даймохк, дицдан Кавказан бохь лекха лаьмнаш. Новкъахь велларг д1аволла йиш йоцуш, аьчган некъан бохалла охьадохкуш декъий, хийла стаг вайра каш доцуш. Дала гечдойла царна...
Делахь а, наха дола ца деш цхьалха ца витира к1ант.
Киргизски ССР-н Токмак ц1е йолчу г1алара берийн ц1ачу д1авелира иза. (Бакъду, нохчи ву аьлча х1ара т1еэца а ца баьхьна, х1ирийн къомах ву аьлла д1авелира иза берийн ц1ийне.) Ша 7 класс чекхъяьккхинчул т1аьхьа Фрунзерачу профессионально-технически училище д1атасавелира Исмаь1ал, цигахь электрикан говзалла а 1амийра цо.
1955-чу шарахь оцу къоначу к1ентан дахарехь цхьа хазахетар хилира: Ленински комсомолан мог1аре ийцира иза. Оццу шарахь Советски эскарийн мог1аршкахь г1уллакх дан волавелира Исмаь1ал. Баккхийрачу кхиамашца ша эскарийн мог1аршкахь г1уллакх дина ваьллачул т1аьхьа, Шелан районерчу ша винчу, хьомечу  Цоци-Эвла вухавирзира Демеев. Дуьххьарлерачу хенахь юьртахь радиомонтеран болх бира цо. Цул т1аьхьа Нохч-Г1алг1айн шекар доккхучу заводехь электрикан болх бан волало к1ант. Ша цигехь балхахь воллушехь, дийнахь болх а беш, буса юьртан кегийрхойн школехь деша а доьшуш, 11 класс чекх а яьккхира. 1965-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институте деша вахара. Цул т1аьхьа  дуккха а хан-зама яьллехь а, оцу кхузткъа шарал хьалаваьллачу цуьнга а хьаьжна, тахана ала мегар ду, иштта ю оцу г1еметта х1оьттинчу безамехь волчу юьртан хьехархочун биографи, аьлла.
Исмаь1алан къамелехь цкъа а "ас-со" боху дешнаш ца хааделла суна. И дош "вай" бохучу дашца хийцина цо. Шегара бала халкъан баланца бусту цо.Цундела цуьнан багара схьайолу 1аь иштта яра:

- Вайн нохчийн къам ч1ог1а доьналла долуш а, майра а, оьзда а хилар бахьана долуш, шайгахь къонахалла хиларе терра, собар а иман а долуш, дуккха а харцонаш, бохамаш лайна вайн къомо. Х1инца а бу вайн махкахь сингаттам, бала, мичахь бу ца хууш т1епаза байна, тахана а ца карош болчу вайн доьзалша карлайоху вайна йина йолу, ца йоьрзу йолу чевнаш. Вайна оьшура машар, барт. Цу Везчу Дала вай а, вайн дайша, дендайша лайна бала бицбеш, дог 1овжош деана вуо дицдеш, ирсе йог1ийла вайна х1ара зама.
Д1аоьхур ду денош, хийцалур ю зама, амма дуьсур ду къам, дуьсур ду цу къоман дика мел дерг, хаза г1иллакх, къинхетам, ларам, оьздангалла. И дерриг къоначу  т1аьхьенна 1амадар т1елаьцна, шаьш-шайн ца кхоош, хьаналчу новкъахь къахьоьгу вайн хьехархоша. Шаьш 1амочу дешархойн шолг1а  да-нана а хуьлий, вайн  къоначу т1аьхьенна хьекъал, кхетам, 1илма а 1амош схьабог1у уьш.Царех цхьаъ ву, юьртара хьехархо Исмаь1ал Демеев.
Д1адаьлла цул т1аьхьа 40 шо гергга, Демеев Исмаь1ал Хасановича, Цоци-Эвларчу №2 йолчу юккъерчу школехь болх бен. Лакхарчу классашкарчу дешархошна оьрсийн а, нохчийн а меттанаш хьоьхуш ву иза. Оцу хенахь дуккха а берашна езаялийтина цо шен предмет. Дуккха а цуьнан хилла болу дешархой Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университет чекх а яьккхина х1инца хьехархойн мог1арехь бу.

- Ас хьоьхуш йолу предмет даггара т1е ойла а яхийтина, ша ца кхетарг соьга хатта а хоттуш, волу дешархо ч1ог1а дукха веза суна, - боху хьехархочо.
Юкъараллин белхаш т1ехь воккха жигархо хилла схьавеана Демеев Исмаь1ал, таханлерчу дийне кхаччалц. Школан юкъара белхаш бина ца 1аш, юьртан Советан депутат а, иштта халкъан контролан председатель а хилла иза шен заманчохь. Даима а цхьацца г1уллакхах 1итталуш бен самукъа долуш вац иза. Х1уъа дина а шен дахарехь адамашна диканиг дан лууш ву иза.
Халкъо боху: "Нагахь вай синтар дог1ахь - иза лаьттахь лар йитар ду". Ткъа Исмаь1ала кхин а дика ду боху, нагахь, шена хуъу говзалла а 1амош, Адам кхиадар, цунна керла говзалла 1амор, дагчохь адамашка безам а кхуллуш. И дерриге а кхочушдо Исмаь1ала. Дукха хан йоццуш ас хаьттира Исмаь1але: "Мукъа хан хуьлий хьан? Муха чекхйолу хьан иза?"
- "Мукъа хан" боху дешнаш к1езга дийлина сох. Сох ца леташ уллешха т1ех довлу суна уьш. Баккъал а аьлча, мичахь, муха чекхйоккхур ю мукъа хан. Суна гуттар а хан тоац иза д1аяхьа. Ткъа хьанна тоьа иза?
Хьехархочо хьоьху, ша хьоьхург хьоьхучунна дагчу дижжалц. 1аламат дика библиотека ю цуьнан ц1ахь а. Цо дукха йоьшу книгаш. Къаьсттина вайн заманахьлера литература, массо а д1адахнарг керлачуьнца дуста а дустуш.
Исмаь1ал поэт ву. Иза ч1аг1до "Шен куьзганчохь гича лам" - ц1е йолу, цуьнан 1990-чу шарахь араяьллачу гуларо а. Цул сов, РФ-н яздархойн декъашхо а ву Демеев.
Таханлерчу дийнахь "Машар" ц1е йолчу районни газетан аг1онаш т1ехь а, "Стела1ад" ц1е йолчу берийн журналехь а, кхечу периодически изданешкахь а сих-сиха зорбане юьйлу цуьнан стихаш. Масала, иштта яздо цо шен "НЕНАН МОТТ" аьлла йолчу цхьана стихотворенехь:

"Хьоь болу сайн безам
Иллешка бохуш,
Хир ву со говзанча
Кхолла хьох стих.
Биццабеш даима,
Хьан сийдар доьхуш,
Хинйолчу т1аьхьенна
Йисийта и"…

Еккъа цхьа стихаш язйина ца 1аш, тайп-тайпанчу жанрашкахь а болх бо цо, дешархошна шен кхолларалла мелла а шуьйра йовзуьйтуш.
Юьртан хьехархо хилар доккха жоьпалла долуш а, сий долуш а г1уллакх ду.
Исмаь1ала, ша-шен ца кхоош, шега далург до, хьехархо аьлла йолу лакхара ц1е ц1енна д1ахьо.