ДогIучу хил дехьа

Марти Тамия
БIаьсте йогIу хазйелла
Екхна стигал бIаьра хьоьжу,
ЦIенчу хIордан сийналлица
Ийна ойла т1ома йоьхуш,
Мелчу мохо шеца генна
Маьлхан зIаьнарш лехьо
ДIо зезaгийн аренгахь,
ДогIучу хил дехьа.

Цигахь деха тийна ирс
Дадин къоьжа бешахь,
Бинжолигах техкош иэс
Тесна ширчу 1ежах.
Цигахь илли кхоллало
Кийрахь зарзаран,
Цуьнца ана доьду дог
Кхин юха ца дан.

***
Пришла весна красивая,
Легко в глаза глядит.
И синь такая чистая,
В даль за собой манит,
Беззаботным ветром,
За лучами солнца.
Где поляна из цветов
И притихла речка.
Там в душе у соловья
Родилась та песня
И уходит вместе с ней
Безвозвратно сердце.