Муьлхачу заманахь хезар ду?

Марти Тамия
Муьлхачу заманахь хезар ду?
Нийсо ахь айдина аз,
Я хьан ц1е тийналлехь йовр ю?
Яккханза дицдина васт.

Воцуш ша оьшуриг цхьа а,
Хеди те доьналла хьох.
Аланза дисинчу дашна,
Даш хилла бисина мохь.

Бохамаш б1аьрхих д1акъаста
Ца туьгуш хийла хьо хьийзи.
Ца хили хьан таро, хьаста
Харцоно бохийна хьийзарш.

Экаме сатийсам  х1етте а
Ца буьтуш, ойланех ийна,
Юг1- юг1а хьан ц1арца г1итта,
Кхин меллалц дезарду сина.