Х1усамехь ширачу товхано шабар лахдина..

Марти Тамия
Мел чIoгIа лаьара Баба хьоьга ладегIа,
Ана дIадоьдучу озе леррина хьоьжуш.
Партала буьйса Iаьно ховха йижийча,
Лайнчимийн месалла гIевлинга йохкуш.

ХIусамехь ширачу товхано шабар лахдина,
ЛадоьгIуш туьйране, лелачу байбина ког.
Цуьнца д1аяхна бералла г1енашкахь йисна,
Хьан кара корта биллинчохь озийна наб.