даге

Арзу Банжаев
ма талла пане,
йойъур ахь кхане,
балано ба1 бина,
чалхо ткъа да1 дина.

хьо лезнарг тийна,
ца лезнарг 1ийна,
бахамо во1 во,
"г1алхо"ткъа стаг во.


иштта ду дуьне,
бакъ хилла тахне,
халонаш а язлуш,
дахар а къарцалуш.

товш аьзнаш декна,
хьоза а дайна,
хабарах тов хилла,
хьо кхарста сов тилла.

хьа шуьне хиъна,
дахар шайн диъна,
ойланаш к1ур хилла,
хиламма лихкина.

иштта сан дешнаш
чарте а хьаьжна,
со хьоьсту ойланаш
заманал а яьжна