Ахьам со йицйина ца хилла..

Марти Тамия
Ахьам со йицйина ца хилла Дай баьхна юрт,
Кхолламо хийрачу некъаца йигарах гена.
Иэсанехь дендина хиллачу марзонийн сурт,
Со ишта гергара хиллера мичахь, я хьена?

Кхузахь сан бералла Органо хийла личийна,
Аьхкенан товхано делкъанна еттачехь ног.
Г1ад кура таллаш хийлаза теш а х1иттийна
Кхиинчу к1ажараш масаний чахчийна дог.

Хьан шира урамаш хьеси, сан синах тиссина,
Даимна шайна т1е ийзош  дахаран оьмар.
Зама д1а эхарах цкъа а сан чомо ца йицйина
Вайн бешахь лаьттина к1айн- меда комар.