Буьйса т1ейеа партала..

Марти Тамия
Буьйса тIейеа партала,
Iаьржачу цицигах кIеда.
Сибат буьзначу беттан,
Цеце схьа хьоьжуш  хета.

Садарчийн шабар геннахь,
Серлоне лаьдоьгIча хеза.
Мархаша IиндагIца гонах,
Машанаш баттана тесна.

Чекх са гун тийналла ека,
Ша-шен йилбазмохь хаззал.
Тховса жовхIарах къега,
Ленйоцу аналлин хазна.