Ша шеха кхоллало поэзин йоза..

Марти Тамия
Б1арлаг1ан аренаш кхоамза ягийна,
Есачу г1айг1ана сатийсам хадийна,
Д1ахецна синтеме ца хилла уьйраш,
Д1аоьху г1енаш 1уьйрено луьйсуш.

Цкъа хьалха йовзанза хиллачу пана,
Кхевдинчу куьйгана, йист йоцу ана,
Ц1еначу серлонца, чкъурах чекх юьйлу,
Седарчийн шабар лерсино туьду.

Дуьненан замано шен болар сецадо,
Шалхонийн пардо тешамо дожадо,
Кхузахь чекхдолу лазаман доза,
Ша шеха кхоллало поезин йоза.